Субхьаналлах1! Лараме бусалба нах, хьовсиийша, оццул деза джих1ад ца кхочу цу итт дийнахь йинчу 1амаллийн дазалле. Оццул къахьега деза джих1адал йеза хилча цу итт дийнахь йина 1амал, ойла йехьа, ма йоккха ял хир йу цунна. Амма шен дег1аца а, бахамца а джих1аде вахна, цигахь д1акхелхинарг, – иза кхочу зуль-хьиджа итт дийнахь йиначу 1амалан дазалле. Т1аккха ойла йе, т1амехь воцуш, парг1ата шен йовха чохь 1амал йан йиш хилча цу итт дийнахь, иза йеш хила дезий вай? Сутара хила дезий вай цу т1ехь? Дера деза.
Лараме бусалба ваша, йиша! Ойла йе ахьа цу белхан. Ма йоккха ял йакхха йиш йу хьан. Ма йеза 1амалш йан аьтто бу хьан! Цу деношкахь ахьа йина 1амал Аллах1ана уггаре дукха йезаш хилча, ма дукха 1амалш ян аьтто бу хьан.
Имам Ибн Хьажара, Аллах1а къинхетам бойла цунах, аьлла: «Билггала долуш дерг зуль-хьиджа итт де схьакъастийна хиларан бахьанах, цу итт дийнахь уггаре коьрта 1амалш гулъйаларна ду, уьш: ламаз дар, марха кхабар, саг1а далар, хьадж дар, ткъа иза деригге кхечу хенахь гул ца ло».
Еригг коьрта 1амал гулйелла цу деношкахь. Мел доккха х1ума ду иза. Ткъа цу т1е, и денош чекх девлича, г1урба а до. Ткъа иза мел йеза 1амал йу. Мел хаза ду вайн бусалба дин! Мел беркате ду иза. Хастам бу Аллах1ана, вайна иза делла волчу.
Лараме бусалба нах. Шарчохь дукха денош ду, ткъа царех уггаре тоьлла долу денош зул-хьиджа беттан хьалхара итт де ду. Цундела, цу деношкахь йина 1амал а уггаре тоьлла йу, Веза-Сийлахьчу Аллах1ана гергахь кхечу деношкахь йинчул а.
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.