Зуль-хьиджа итт дийнан дазалла Фрагмент

Зуль-хьиджа итт дийнан дазалла

Раздел библиотеки: Религии / верования / культы
ISBN: 9785006835573
Издатель: Издательские решения
0 (0 рейтинг)

Зуль-Хьиджа бутт – Ӏаламат беза бутт бу, цундела цуьнан деношкахь йан йеза Ӏамалш хаар чӀогӀа коьрте ду вайн. И Ӏамалш кху жайни чохь йовзуьйтур йу. Кхин а пайданаш а.

Поделиться

Зуль-хьиджа итт дийнан дазалла

Сайд-Селиман Кiант Хьусайн

© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн, 2025


ISBN 978-5-0068-3557-3

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЗУЛЬ-ХЬИДЖА ИТТ ДИЙНАН ДАЗАЛЛА

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!


Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:


Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Аллах1а вайна даийтина деза итт де. Зуль-хьиджа беттан итт де ду уьш. Уьш шеран уггаре деза денош ду. Царна чохь йина 1амал Далла уггаре дукха йезаш 1амал йу. Ма доккха беркат ду цаьрца, ма ч1ог1а деза ду уьш, ма сийлахь ду уьш Веза-Сийлахьчу Далла гергахь. Церан дазалийна тоьар дар-кх Дала цу итт де-буьйсанашца дуй биина хилар къуръан чохь, цу итт дийнан дазалла билгалдеш.


Дала боху къуръан чохь: «Итт буьйсанех а дуй буу Ас».


Дала дуй бууш йолу итт буьйса зуль-хиджа беттан хьалхара итт де-буьйса йу. И итт де деза хиларан буу Дала цаьрца дуй.


Г1урба зуль-хьиджа беттан иттолг1ачу дийнахь деш ду. Ткъа зуль-хьиджа болабелча г1урбанан де т1екхачале исс дийнахь 1амал йар ч1ог1а деза ду. И исс де а, иттолг1а г1урбанан де а чулоцуш, царех массарех зуль-хьиджан итт де олу. Ткъа цу деношкахь хьадж а до бусалба наха.


Цу итт дийнахь йина 1амал ч1ог1а йеза йу. Цуьнан дазалла билгал доккхуш Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дика 1амал йан Аллах1ана царал дукха дезаш денош дац». Элира (наха): «Х1ай Аллах1ан Элча, Аллах1ан некъа т1ехь деш долу джих1ад а дац (царел деза)?». Цо элира: «Аллах1ан некъа т1ехь деш долу джих1ад а дац, шен са а, даьхний а ца кхоош, Аллах1ан новкъахь араваьлла, т1аккха цигара йуха ца вирзина стаг воцург».


Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх