Зударин фитна

Хьажа, маьл исбаьхьа хаза ду Къуръан! Кхузахь вайн билгалла долу стаг зудчунга хьажа мегаш ца хилар зудчун ши куьги, юхьи йоцург. Зудчун шин куьйга а, юьхьи а хьажа мегаш ду дагахь х1ума доцуш. Амма зудчун юьхь хазъеллехь я ши куьг хазъделлехь, т1аккха цаьршинг а хьажа мегар дац. Х1ара маца ду? Дера ду зуда хьижаб доьхна елахь. Т1къа тахна хьижаб доьхна йоцучуьнга хьоьжучун хьал муха хира ду аьлла хета хьуна, хазъделла цуьнан куьйге а, юьхье а хьажа мегаш ца хилча?!


Вайн хьал Къуръанац ахь дуьстича билгалла долу хьуна Къуръанах вай гена хилар. Башхалла яц стаг хьажа хьарам долчу зудчуьнг миччанхьа хьажахь: газет т1ехь, телвизор чохь, журнал чохь, сурт т1ехь, телефон чохь, муьлхачу меттехь а.

Т1къа тахна дийнахь мосуза го хьуна зуда? Мосуза го хьуна шен меженаш гучу яьхна зуда? Дукхуза гокх вайна уьш х1ора дийнахь а, буса а. Т1аккха муха хира ду вайн ийман ч1ог1а? Хуьлийла ма яц, х1унда аьлча вайн б1аьрган маьл гина хьарам х1ума вайн дагчу доьдуш долун дела, т1къа ийман даг чохь ду, цундела даг чуьра ийман г1еллокх вайн. Цундела, лардан деза вай вешан б1аьрса.


Лараме бусалба нах! Лаахь а, ца лаахь а, зуда цагуш ца дуьсу вай. ВогIуш а, воьдуш а зуда гар нисло. Цундела, зуда гарх хьуна къа дац, хIунда аьлча иза хьоьх доьзна дац. Амма хьуна иза гинчул тIаьхь хьо цуьнга юха-юха дIахьежар къа ду хьуна. ХIунда аьлча юха-юха цуьнга дIахьежар иза хьоьгар долун дела.

Вуьшта а, хьижаб тиллина зудчуьнга хьежа а мегар дац, иза хазъелла, цунна тIе баьрг хоьттина. ЛадогIа кху хьадийсе.

АллахIан Элчо, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«ХIай Iалий, цхьауз гича (зуда) шоллагIа ма хьажалахь, баккъалла а хьуна цхьауз бен дац хьуна, шоллагIнаг хьуна дац хьуна».


Цхьауз хьуна зуда гинехь къа дац хьуна, амма шоллагIа хьо хьажахь къа хира ду хьуна бохург ду иза.


Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх