Зударин фитна Фрагмент

Зударин фитна

Раздел библиотеки: Религии / верования / культы
ISBN: 9785006819399
Издатель: Издательские решения
0 (0 рейтинг)

Нохчийн къоман йижарий сийлахь бу. Церан вежарш уьш ларбан безаш бу. Муьлхачу вон буха хиина 1аш ду шайт1а. Цундал шарий1ато ч1ог1а терго йина бусалба нах царна бохаме долчух ларбар. Уьш цунах 1алашбар. Цундела, коьрте ду бусалба нахан шарий1атан дазонаш лардар.

Поделиться

Зударин фитна

Сайд-селиман кiант Хьусайн

© Сайд-селиман кiант Хьусайн, 2025


ISBN 978-5-0068-1939-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЗУДАРИН ФИТНА

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:


Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Лараме вежарий, йижарий. Лараме бусалба нах.

Аллах1ан Элчо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, до1 деш хилла:

Я Аллах1! Баккъаллаъ аса йоьху Хьоьга нийсо а, (Хьоьхь) кхерар а, (питнех) ц1аналла а, тоам беш хилар а (Ахь делчух).

Нийсо йовзар Веза-Сийлахь Аллах1ера доккха совг1ат ду. Цуьнан боккха къинхетам бу иза. Т1къа адман т1ехь ду нийсо шайна йоьвзича цу т1ехь хилар, цуьнца нисбалар.

Тахна вайн юкъахь ч1ог1а галдаьлла х1ума ду, иза божаршна а, зударшна а юкъахь йолу эвхьазло ю. Царна юкъера пардо д1адаьлла. Ч1ог1а маьттаза даьлла дуккху х1ума. Иза нисдар вайн декхар ду. Божаршна т1ехь ду зударий ларбар, 1алашбар, цаьрца эвхьаза ца буьйлуш. Къонахий зударшца эвхьаза буьйлура бац, къиллой бен зударшца эвхаза буьйлура бац.

Б1аьрса лардар

Уггаре хьалха божарш а, зударш а шайн б1аьрса лардан деза. Цара вовше хьажарх б1аьрса лара цадарх хуьлуш ду уггаре хьалхара фитан. Цундела, Веза-Сийлахь Аллах1а магийначу барамел бен вовше хьажа мегар дац стагна а, зудчунна а.

Веза-Сийлахь Аллах1а Къуръан чохь боху:

«А́ла (х1ай Мухьаммад) муъмин-божаршка а: шайн б1аьргаш ларде (хийрачу зударшка а ца хьоьжуш), шайн 1овраташ а ларде (хийрачу зударех), иштта царна ц1ена хир ду. Боккъалла а, Аллах1 цара лелориг хууш ву. А́ла (х1ай Мухьаммад) муъмин-зударшка: шайн б1аьргаш ларде (хийрачу божаршка а ца хьоьжуш), шайн 1овраташ а ларде (хийрачу божарех)».


Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх