Лараме вежарий, йижарий! Ламаз лардан дезаш ду вай. Ламаз лардар вайна т1ехь фарз ду. Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина вайна иза. Цо боху къуръан чохь «Ларде ламазаш а, йуккъера ламаз а»8.
Къаьсттина, Веза-Сийлахьчу Дала ларде боху вайга йуккъера ламаз, иза малхбуза ламаз ду. Иза къастийна цуьнан хан иза тергалдан хала йолу дела. Х1унда аьлча малхбуза хенахь нах буьйса т1ейале шайн г1уллакхаш д1адерзада сихло хан йу, ткъа цу г1уллакхашна йуккъехь дицдала тарло цунна малхбуза ламаз, йа дита тарло «х1инца ваьлча до» бохуш, цундела Дала къастийна иза ларде аларца.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, уггаре хьалха лайне къемат дийнахь цуьнан 1амалх хоттурйерг ламаз ду. Ткъа иза дика хилахь, баккъаллаъ декъала хилла иза, аьтто хилларг а хилла иза. Амма (ламаз) доьхна хилахь, баккъаллаъ дакъаз ваьлла иза, эшам а хилла цунна».
Гой хьуна, ламазах доьзна ду хьо декъал хилар а, дакъаза валар а. Хьан 1амалех уггаре хьалха хоттурйерг хьан ламаз хилча, хьан ламаз гуттар нийса, дика, кхоччуш хила деза. Цундела, ламаз т1ехь к1адо йан мегар дац. Шен хеннахь нийса, дика дан деза иза, сих а ца луш, х1ора меттехь тем беш, парг1ата дан деза бусалба стага ламаз. Ламазах вада ца г1ерташ, сихха дина т1ера даккха ца г1ерташ дан деза. Цунах самукъа долуш, синтем хуьлуш дан деза ахьа хьайн ламаз. Цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, олуш хилла Билалига, Аллах1 реза хуьлда цунна: «Х1ай Билал! Сада1ийта вайга ламазца».
Ламазехь садо1уш хилла цара, цунах церан самукъа долу дела, иза делера доккха ни1мат дуй царна хуу дела, иза Делера боккха къинхетам буй шайна хуу дела. Ламаз дан дезаш доцуш хира дара дика, йа ламаз дан дезаш долуш хира дара? Ойла йе, дийнахь-буса пхоьаза Аллах1ана хьалха х1уттуш воцуш, пхоьаза Аллах1аца къамел деш воцуш, пхоьаза Аллах1 Шен йуьхьца хьуна т1евоьрзуш а воцуш хьо хилча муха хир дара хьан дахар?! Иштта болчу нехан дахаре хьажа, т1аккха хуур ду хьуна. Дера хир дара вай т1аккха хьайбанех тера. Хьайбанел эшна а хира дара, х1унда аьлча хьайбано Дала шена т1едиллинарг кхочуш до дела. Ламаз ца хилча Аллах1 дага вог1ур вацара хьуна, Цунах гена вер вара хьо, Иза вицлур вара хьуна, Цунах вер вара хьо, Цуьнан къинхетамах. Цундела, гой хьуна мел ч1ог1а оьшу вайна ламаз.