ЛАМАЗЕХЬ ДО1 ДАР
Лараме бусалба ваша, йиша, хьан дуккха а нисдалаза г1уллакхаш ду, хьоьгахь баланаш бу, халонаш йу, ткъа и деригге а д1адаларан бахьана ахьа до1а дар ду. Къаьсттина ламазехь сужудехь до1 дар гуттар ч1ог1а ду, Делера жоп хилар гуттар герга ду. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Лай уггаре ч1ог1а шен Далла герга хуьлу иза сужудехь волуш».
Ойла йе, хьо уггаре ч1ог1а Аллах1ан герга воьду меттиг хьо ламазехь сужудехь волуш йу. Ткъа цу меттехь до1а де аьлла ду.
1авн бин 1абдуллах1 бин 1утбата, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Шуьгахь бала латтош долу шайн хьаштанаш фарз ламазехь деха, баккъалла а фарз ламазехь дина до1а кхечу ламазехь диначу до1анал деза ду, фарз ламаз суннат ламазан т1ехь деза хилар тера».
Цундела, ламазехь дехалахь хьайна эхарт а, дуьне а, Дала жоп лур ду хьуна, Шен пурбанца.
Вайн ламаз нисделча, вай а нислур дара.
Юнус бин 1убайда, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ши х1ума ду, и шиъ лайнехь нислахь, цуьнан кхиндерг а нислур ду: цуьнан ламаз нисделча а, цуьнан мотт нисбелча а».
Субхьаналлах1, валлах1и доккха х1ума ма ду х1ара, стага шен ши х1ума нисдича кхидолу деригге х1ума нислур дара цуьнан. Ахьа ойла йича иштта кара а до вайна иза. Цу т1ехь нисдала дезара вай, т1аккха вайн деригге а х1ума нислур дара.