ДИЙЦАР
Му́са бин 1алис аьлла: «Суна хезнера сан дас дуьйцуш 1укъбат бин 1а́мирера».
Цо элира: «Ара велира Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, тхо суффатехь38 (маждиг чохь) долуш».
Цо элира: «Шух хьанна дезара х1ора дийнахь Бут1хьа́не39 вахна йа 1акъийкъе40 (вахна) цигара ц1а ван боккха букъ болу ши эмкал йалош, къа ца латош йа гергарло ца хадош?»
Оха элира: «Х1ай Аллах1ан Элча! Тхуна деза-кх иза!?» Т1аккха Цо элира: «Шух цхьаъ маьждиге а вахана цо 1амадича, йа дешча ши аят Веза-Сийлахьчу Аллах1ан жайни (къуръан) чуьра, дика ду цунна шина эмкалел, кхоъ (аят) дика ду кхааннал (эмкалел), диъ (аят) дика ду йеаннал (эмкалел), аятийн бараме хьаьжина дика ду цу эмкаллийн барам».
Лараме бусалба нах! Гой шуна ма йоккха ял йу маьждиге вахна 1илма 1амор, къуръан 1амор. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, эмкал хьахайина, цу хенахь 1аьрбойн уггаре тоьлла бахам эмкал лоруш хилла дела. Тахана а йац эмкал г1ийла лоруш. Тахана а йу эмкал боккха бахам. Ткъа ахьа ойла йе, дуккха а эмкалш йаха хьо реза хирг хилча, царел диках ма ду хьуна къуръан 1амадар. Цунах хуьлу ял массо х1уманал йоккха ма йу. Цунах хир болу бекхам а массо х1уманал боккха ма бу. Дуненан дуьхьа къахьоьгур вай хилча, эхартан дуьха кхиъ ч1ог1а къахьега ма деза вай. Цундела ма деза дукха Аллах1ана гергахь 1илма 1амор, къуръан 1амор.
Лараме бусалба ваша, йиша! Ма йоккха ял йу маьждиге вахна Делан 1илма 1амадар. Делан дин 1амадар. Ма доккха х1ума ду иза. Хьажахьа кху хьадийсе. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьаъ маждиге вахча лууш воцуш (маьждиге воьдуш) дика дерг 1амада бен йа иза (дика дерг) хьеха бен, цунна хир йу хьадж дечунна йолу ял, кхоччуш хьадж дечуьнан».
Хьажа, ма беза некъ бу маьждиге боьду некъ. Ма йоккха ял хуьлу х1ума ду иза. Ма сема хила дезара вай цу т1ехь, лараме бусалба нах. Ма к1езиг нах бу тахана маьждиге оьхуш. Маьждигехь Делан 1илма 1амош. Лул-кулахь маьждиг доллушехь цига ца боьлхуш 1аш дукха нах бу. Воккханиг а, жиманиг а маьждигца уьйр йолуш хила веза. Маьждигехь Делан дин 1амош хила веза. Т1аккха цунна хир йолу ял ма йоккха йу-кх, кху хьадийсашкахь вайна гуш ма хиллар.
Делан 1илма 1амийнарг лаккхахь хир ву Далла гергахь а, дуьненахь нахана йуккъахь а. Аллах1а аьлла къуръан чохь: «Лакха боху Аллах1а ийман диллинарш а, шайна 1илма делларш а даржкахь»41.
Дала дуьненна т1ера адамашна юккъахь ийман диллинарш хьалаайбина, базбина, лакхахь хилийтина. Ийман диллинчарна йуккъера 1илма дерш кхин а хьалаойбу. Ма доккха дазалла ду иза 1илма девзачарна. 1илма дерш ийман диллинчарел масс дарж лакхабаьхна хаьий хьуна? Далла дика хаьа уьш масс даржехь лакха баьхна, амма к1езиг даржаш дац уьш, х1унда аьлча Аллах1а «даржашкахь» аьлла дела, ткъа цо гойту церан даржаш дукха хилар. Ибн 1абба́са, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Шина даржана йуккъехь пхи б1е шо барамал меттиг йу».
Ойла йе т1аккха, мел лакхахь ву 1илма девзаш волу стаг. 1илма 1амош верг, ма даккхий даржаш ду Дала цунна луш! Цундела, баккъалла дарж, иза эхартан дарж ду, Далла гергахь долу хьан дарж, – иза ду баккъалла дарж. Амма дуьненан даржаш х1умма а доцург ду, д1адер долуш ду, шех жоп дала дезаш а ду. Цундела, даима дуьсур долчу даржан т1е г1ерта вай, лараме бусалба нах? Вайна эхартехь пайдехь хиндерг д1атесина ма дита вай, дуьненан х1уманна дуьхьа? Ма ойла йан йезара вай цу т1ехь.
Дала Адам пайхамар, 1алайх1и салам, кхоьллича малийкашга омра дина Адаман сужуд де аьлла. Малийкаша сужуд дина Адаман, х1унда аьлча Адамехь Малийкашкахь доцу 1илма хилла дела. Шегахь 1илма хиларца царел тоьлла иза. Цундела, цигара дуьйна ду, шегахь бусалба динах 1илма дерг лекхара хилар 1илма доцучарел. Дала лакха ваьккхина иза. Иза доккха дарж ду, кхин хила йиш йоцуш. Ц1енна шайн 1илманца 1амал йеш волу 1елам стаг Далла гергахь дукха лекха ву. Веза ву. Абу аль-Асвада, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Цхьа́ а х1ума ма дац 1елам стагал сийлахь, паччахьаш, хьаькмаш бу нахана т1ехь, амма 1елам нах хьаькмаш бу паччахьашна т1ехь».
Шарий1ат 1илма 1амош верг Аллах1а лакха воккхур ву кхин цхьа а цавоккхучул. Иза 1елам нахаца гуш а ду. Масала д1айаханчу заманахь хилла 1ат1о́ъ бин Роба́хь ц1е йолуш 1елам стаг. Иза 1аьржа волуш, лай хилла волуш, цхьа б1аьрг сакхте болуш, т1ебаьлла мара болуш, астаг1а волуш вара. Ирча хилла иза. Амма цуьнгахь 1илма дара, цундела иза массарел лекха вара. 1илма дара цуьнан хазалла. Массо адам цуьнга хьаште дара, амма иза цаьрга хьаште вацара. Массо адамна иза хьашт хиларал совнаха, цу заманчохь бусалбачу нехан хилла халиф Сулайман бин 1абдул-Малик, Дала къинхетам бойла цунах, а хиллера 1ат1о́ъ бин Роба́хье хьашт.