Минбаран нур

1абба́с бин Марда́сига хаьттина хилла «Х1унда дитина ахьа чаг1ар?» Цо жоп делла: «Суна ца дийзира 1уьйранна сайн къомана эла хуьлуш, суьйранна царех уггаре 1овдал верг хилар».


И бохург, 1уьйранна хьекъал чохь волуш сайн къомана йуккъахь эла ву со, амма суьйранна аса чаг1ар мелча сайн къоманна йуккъахь 1овдал верг хуьлу со.

Цундела, лараме бусалба ваша, йиша, и боьха чаг1ар хила ца деза вайна йуккъахь, хилахь а д1адаккха деза. Чаг1ар молушверг цунах гена вала веза. Тоба а дина дита деза чаг1ар. Даггара тоба дойла вай, х1ай сан бусалба вежарий, йижарий! Веза-Сийлахьчу Аллах1а боху къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Шу дерза Деле ц1ена тоба дарца – хила тарло шун Дала шу къинойх ц1анда, шу бошмашна чу дига а, шайн бухахула хиш оьхуш йолу».


Тобанан не1 йиллина ма йу дийнахь а, буса а. Даима тоба деш хила везаш ма ву бусалба стаг. Цхьана бахьанца нисделла ахьа чаг1ар малар, амма Аллах1ан дуьхьа дита иза. Къаьсттина Дала Шен дуьхьа дитинчу х1уманан дуьхьа цулла а диканиг лур ду хьуна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьаммо цхьа х1ума дитахь Аллах1ан дуьхьа, Цо цунна цуьнан метта цул а диканиг лур ду».


Хьажал хьо, Аллах1ан хазачу бекхаме! Шен дуьхьа хьарам дерг дитинчунна Аллах1а цул а доккханиг, диканиг лург хилча, хьуна а лур ма ду Цо иза. Хьуна ца моьттург лур ду Дала. Хьо ирсе хинверг. Хьуна гонахьара нах а хьоьца ирсе хир болу х1ума. Дуьненахь а, эхартахь а хьуна пайдехь хир дерг. Цундела, варйилахь, нислолахь Делан нийсонна т1ехь.


Дала Ша реза Волчу х1уманан т1ехь нисдойла вай. Дала къинхетам бойла вайх. Дала даггара Шех кхоьручех дойла вай.

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх