ДИЙЦАР
Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу Еман махкара стаг веъна. Цо хаьттина Пайхамаре, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаьчк1ах даьккхинчу маларах. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Ваха вой цо»?
Стага аьлла: «Х1аъ».
Т1аккха Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Йеригге а вахош йерг хьарам йу, баккъаллаъ, Вези-Сийлахьчу Аллах1ана т1ехь ч1аг1о йу чаг1ар молучунна, цуьнга т1ийнатул хоба́л чуьра малийтар». Наха хаьттира: «Х1ай, Аллах1ан Элча! Х1ун йу т1ийнатул хоба́л»? Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Жоьжахат ох1лан хьацар ду».
Йа Аллах1! Ма ч1ог1а ларавала везар чаг1арх. Атта дац хьуна ялсамани чохь хьайн ни1матехь ваха, жоьжахатан чохь цуьнан ох1лан хьацар муьйлучулла а? Дер дуй, дукха атта-м. Цундела, Аллах1а беш бекхам бу иза чаг1ар молуш хиллачунна, цо ша валале тоба а дина, иза дохко ца валахь, цунна хир ду и 1азап эхартехь. Цундела, варийлахь сиха дохко валалахь, тоба делахь, чаг1ар диталахь, ма хилалахь жоьжахатан ох1лан хьацар мер долчарех, хьо хилалахь ялсаманан малар мер долчарех!
Ткъа дуьненахь чаг1ар молуш хилларг, ша ялсаманан чаг1арах воккху цо. Ялсаман чохь а хир ду чаг1ар, амма вахош хир дац иза. Дуьненахь чаг1арх ларбеллачара мер ду иза, амма дуьненахь чаг1ар молуш хиллачара мер дац ялсаманчуьра чаг1ар.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хьаъа а чаг1ар малахь дуьненахь, цул т1аьхьа цо цунах тоба ца динехь, цунна хир дац иза30 эхартехь».
Лараме бусалба ваша, йиша! Бакъдерг алахь, эхартера чаг1ар дика хир ду, йа дуьненан чаг1ар дика хир ду? Шеко йац ахьа эхартараниг г1олехь хир ду олург хиларан т1ехь. Цундела, эхартан х1уманан т1ег1ерта ца деза вай, дуьненан хьарам х1ума 1ад а дитина? Дера дезий эр ду ахьа. Цундела, варийлахь, ма ваккхийталахь хьо дуьненан чаг1аре эхартан чаг1арах. Собаре хилалахь дуьненан чаг1ар маларх, эхартахь мера ду ахьа иза, Дала мукълахь.
Валлах1и, ма кхераме ду-кх чаг1ар молучуьн хьал. Хьажа, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар муьйлуш верг ц1ун31 1ибадат деш верг санна ву».
Йа Аллах1! Ма кхераме х1ума ду чаг1ар мийлар. Ц1ун 1ибадат дар ширк ду, Аллах1аца дела лацар ду иза. Ц1ун 1ибадат деш верг уггаре доккха къа латадеш ву. Цу къа т1ехь веллачунна Аллах1а геч дийр дац, даима жоьжахати чохь хир ву иза. Ткъа чаг1ар молуш верг Аллах1аца накъост лоцуш верг санна хилча кхераме ца хуьлу цуьнан хьал!? Сагаттадан дезаш х1ума ду иза вай.
Ц1унна 1ибадат деш верг керста ву, амма и бохург дац чаг1ар молуш верг и санна кериста ву. Делахьа а, чаг1ар молуш верг цу керистах тера ву, х1унда аьлча керистачу стеган ламаз Дала къобал ца до, иштта чаг1ар молучуьнан ламаз а къобал ца до Дала. Кхин т1е а ц1унна 1ибадат дарий, чаг1ар маларий цхьана хьахийна Дала къуръан чохь, цундела а ву и шиъ вовшех тера. Дала аьлла къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир32 а, ц1уш33 а, пхерчий34 а – шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах – шу даккхийде тарло»35.
Кхин а и шиъ вовшех тера хуьлу, ц1унна 1ибадат деш волчо шена ц1унна 1ибадат дар хьанал дина, т1аккха иза кериста хилла, х1унда аьлча Аллах1а хьарам динарг хьанал дина цо. Иштта чаг1ар молучо а чаг1ар хьанал ду аьлла малахь, иза а кериста хуьлу, х1унда аьлча, Аллах1о хьарам динарг хьанал дина цо. Амма цунна чаг1ар малар хьарам дуй хууш, т1аккха а цо иза малахь, кериста ца хуьлу иза, амма г1ийла бусалба хуьлу, Далла гергахь шен хьал кхераме долуш, ц1унна 1ибадат деш волчу кериста стагах тера волуш.
Х1ай, лараме ваша, йиша! Дезий хьуна хьо керистах тера ву бахар? Дезий хьуна Дала хьо кериста нахаца къуръан чохь хьехавар? Хьуна ца деза Дала хьо ламаз, марха, йеза 1амал йуьйцучу меттехь хьехавар? Тахана цхьана бахьанца марзаделла хьуна и чаг1ар, амма хьо бусалба хилар бахьна а долуш, ц1енна Аллах1ан дуьхьа дуьтур долуш вуй хьаа суна хьо и чаг1ар. Хьан Дела везар хьалха дер ду, хьан чаг1ар дезарл а. Далла дезарг хьалха доккхур ду ахьа, хьайна дезачул а, х1унда аьлча хьуна Веза-Сийлахь Аллах1 веза дела. Цундела, дитахьа и чаг1ар Аллах1ан дуьхьа, ц1анлохьа цунах, ц1андехьа хьайн ламаз, хаза хетар дехьа хьо везачарна! Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ма аьлла: «Аллах1ана уггаре дукха йеза 1амал бусалба стагана хазахетар дар ду».
Хьо чаг1ар молуш хилча хьан дас а, нанас а, йишас а, вашас а, х1усамнанас а, доьзало а, хьо везачара а са ма гатта до хьуна, хьан декъазчу хьолан, уьш холчахь ма латта бо ахьа. Хьалха Делан дуьхьа, шоллаг1а церан дуьхьа дитахьара ахьа и хьарам чаг1ар, Делера йоккха йал хир йу хьуна, Дала мукълахь.
Вай ялсамане даха дезаш ма ду, Дала мукълахь. Цуьнга сатуьйсу вай. Амма, цхьаболу нах цу чу г1ур бац аьлла билгалбина ма бу, царех ву чаг1ар молушверг а. Гой хьуна, мел боккха эшам бу иза хьуна, ахьа и чаг1ар ца дитахь. Дита иза, т1аккха ялсаман чохь чаг1ар молуш 1ийр ву хьо.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Кхаъ стагана баккъалла а хьарам йина Аллах1а ялсамани: чаг1ар муьйлуш волчунна, дена, нанна муьт1ахь воцучунна, даййусан – иза шен х1усамехь хьарам дерг могуьйтуш верг ву».
Ма кхераме хьадис ду х1ара! Чаг1ар молуш хилларг ялсамане г1ур вац бохург жима х1ума дац. Ялсамани йаккха вайн 1алашо хилча, ма атта во́лу цунах чаг1ар молуш верг. Ма атта 1ехаво иза шайт1ано. Баккъаллаъ, ларлахьара вай цу боьхачу чаг1арх.
Чаг1ар молучуьн ламаз къобал ца до Дала. Оццул деза долу ламаз Дала къобалдеш ца хилча, ма ч1ог1а ца дезна-кх Далла и чаг1ар. Ма доккха къа ду-кх иза Аллах1ана гергахь.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар мелла вехнарг, цуьнан ламаз къобал дийр дац шовзткъа 1уьйрана (дийнахь), ткъа иза лахь жоьжахати чу вахна иза (г1ур ву)».
Валлах1и Аллах1ан Элчанан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, х1ара хьадийсаш тоьар ма дара и чаг1ар вай дита. Цунах вай гена довла. Х1ай лараме бусалба ваша, йиша, чаг1аро жоьжахати чу вуьга бохург ма жима х1ума дац. Цхьа сирник хьалалатайай иза йаьгна йаллалц п1елг т1е а лаций хьайн собар тоьий хьажахьа, и ц1е ла́н собар дуй хьоьгахь?! Ткъа жоьжахати чуьра ц1е кхин а 69-за ч1ог1а хир ма йу. Вай бусалба нах ду, ткъа бусалбачу нахана йуккъехь хила ца деза чаг1ар. Иза вайна йуккъера д1адаккха деза вай.
Чаг1арах деригге а зен схьадолу. Беригг а бохам хуьлу цунах. Дала адамашна делла уггаре доккха ни1мат – хьекъал ду, цу хьекъалах воккху чаг1аро, ша мелларг. Хайбанех тара ца ло чаг1ар мелларг, х1унда аьлча хьайбано шен дег1ана дола до, ша х1ун лела до хаьа цунна, амма чаг1ар а мелла вехна стаг хьайбанел эшна ву, х1унда аьлча шен маттан а, йа дег1ана а да ца хуьлу иза, вехна волуш, ч1ог1а ирча хуьлу цуьнан хьал. Цундела аьлла чаг1арах «боьхаллийн нана». Х1унда аьлча йеригге а боьхалла цуьнца йолу дела, цунах схьайолу дела.