1ИЛМА
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду22:
Лараме бусалба нах! Ислам дин – нуьре дин ду. Ислам дино боданехь долу адам серлоне доккху. Нийсачу некъа т1е х1оттадо. Ткъа Ислам дино иза до 1илманца. Адамна 1илма 1аморца и адам хаза ирсечу дахаре кхача до Ислам дино. 1илма – Ислам динан герз ду. 1илманца бен Ислам дин д1а ца х1утту нахана йуккъехь. Цундела, Далла ч1ог1а ч1аг1дина т1едиллина вайна 1илма 1амор. 1илма девзаш хилар. Вай боданера серлоне довлийта, харцонера нийсоне довлийта, дакъазаллера декъалхиларе довлийта.
Ислам дин дале латта т1ехь бода хилла. Бода хилла бохург, нахехь 1илма ца хилла бохург ду. Адам ша х1ун лело деза а ца хууш шена луъ-луъург леладеш хилла. 1аламат дукха харцонаш, г1алаташ, зулманаш хилла. Нийса дин девзаш ца хилла. Дела вовза ма-веззара вевзаш ца хилла. Цунна 1ибадат деш ца хилла. Амма, Ислам дино иза деригге къобал ца до, цундела, Ислам дино иза деригг а д1адаьккхира. Иза деригг д1а а даьккхина, 1илма делира Дала адамана.
Дала 1илма деза лерина, 1илма девзаш верг а веза лерина. 1илма девзашверг а, 1илма ца девзашверг а цхьатерра ца лору Дала. Дала боху къуръан чохь: «Цхьатерра буй хуушберш а, ца хуушберш а? Баккъалла а, ойла йийр йу хьекъал долчара»23.
Кхузахь Далла луушдерг 1илма хуушверг а, 1илма ца хуучул а веза хилар ду. Ойла йе боху вайга Дала. 1илмана т1едерза боху вайга Дала. 1илмадерг веза ву, тоьлла ву, дика ву, нийса ву, 1илма доцучул а бохург ду иза. 1илманца бен дуьне а, эхарт а девзар дац. 1илманца бен и шиъ даккхалур а дац.
Вай кхузахь дуьйцург уггаре хьалха шарий1ат 1илма ду. Ислам дин довзар ду. Ислам динах цхьа а х1ума ца хууш ца хилар ду. Шена оьшучул Ислам динах 1илма хилар ду. Амма тахана нахана Ислам динах лаьцна цхьа а х1ума ца хаьа. Цхьа к1еззиг бу 1илманца бала берш, иза 1амош берш. Дукхачарна т1ехула х1уманаш хаьа, амма нисса, къеггина, х1ора х1ума шен-шен меттехь долуш дийца ца хаьа. Ца девза тахана нахана 1илма. Цундела дуьйцу вай х1ара, 1илмана т1аьхь сутара девр дацара теша вай? Хьехамашка ладоьг1на а, кинигаш йешна а, хьехаре ладоьг1на а 1илма 1амор дацар теша вай?
1илма ч1ог1а оьшуш ду вайна! Иза коьрта х1ума ду адамийн дахарехь. 1илмий бен кхин башхалла йац адамашна а, хьайбанашна а йуккъехь. Дера йац!
Хьажал, Дала 1илма мел деза лерина къуръан чохь! Къуръан чохь 70 000 сов дош ду. Царех Дала вайга уггар хьалха аьлларг « Икъроъ» ду. « Икъроъ» бохург «йеша» бохург ду. Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг 1илма 1амор ду. 70 000 сов дашан йуккъера «йеша» дош х1унда аьлла вайга Дала кхи дош а ца олуш? Ламаз де, йа марха кхаба, йа саг1а ло, йа дика хила, йа кхидерг х1унда ца аьлла Дала вайга? Дера ца аьлла цу деригге х1уманан дог1а 1илма долу дела. Уьш муха дийр ду царех лаьцна 1илма ца хилча, цундела 1илма хьалхадаьккхина Дала. Х1унда аьлча 1амалш йарх кхачам бац, уьш нийса йеш ца хилча. Ткъа уьш нийса муха йийр йу? Дер йийр йу царех лаьцна 1илма 1амийча. Масала,«астаг1фируллох1» олукх наха. Цхьа жима дош дукх иза. Цхьа дош бен дац-кх иза. Делахь а, и цхьа дош олуш а, иза алале а цкъа хьалха цунах лаьцна 1илма 1амаде аьлла вайга Дала. Хьажал, Дала къуръан чохь боху: «Хьуна хаалахь, кхин Дела вац, Ша Аллах1 бен, гечдар деха хьайн къина а, муъмин божаршна а, муъмин зударшна а»24.
Дала цкъа хьалха Ша бен дела воцийла хаийла бах хьоьга, айхьа «астаг1фируллох1» алале хьалха, цул т1аьхьа «астаг1фируллох1» ала. И бохург х1ун ду? Дала хьалха Ша бен Дела воций хаий бен «астаг1фируллох1» ма ала х1унда аьлла? Цуьнан жоп: «Астаг1фируллох1» бохург «аса геч дар доьху Аллах1е» бохург ду. Ткъа ахьа хьайна геч дар доьхуш, айхьа хьаьнга деха деза хаа дезий хьуна? Деза. Цуьнга муха деха деза хаа дезий хуна? Деза. Иза мила ву хаа дезий хьуна? Деза. Цундела аьлла-кх Дала, цкъа хьалха Ша вовза, Ша цхьаъ вуй хаа, Шега муха деха деза хаа, т1аккха Шега деха.
Гой хьуна, лараме ваша, йиша? Мел ч1ог1а коьрта ду 1илма вай йечу 1амалехь! Мух-муха а йича нийса ца хуьлу 1амал, Дала ма бохху нийса ца йинехь. Ткъа Дала ма бохху 1амал нийса йан хуур дац вайна, вай Делан 1илма девзаш ца хилахь. Цундела ду 1илма уггар коьрта х1ума. Уггар сийлахь х1ума. Цундела Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг « Икъроъ» ду, йешар ду. 1илма 1амор ду. Х1унда аьлча Ислам дин 1илманца бен нислур дац адаме. Цкъа хьалха Ислам дино и 1амал муха йе боху хаа деза, т1аккха и 1амал йан йеза.
Лараме ваша, йиша! Ма доккха х1ума ду 1илма Аллах1ан гергахь. 1илма боху дош къуръан чохь дукха хьахийна ду! Ойла йайша, дукха хьахийна хилча ма йоккха терго йина Дала 1илманна. Ткъа вай йой цунна йоккха терго. Ахьа мел терго йо 1илманна? Масс кинижка йу хьан чохь Ислам динах лаьцна? Хьайн чуьрчаьрга Ислам динах кинижкаш йоьшитий ахь? Берашка Ислам динах лаьцна кинижкаш йоьшитий ахьа? Баккъалла сема хилалахь цу т1ехь, х1ай сан лараме ваша, йиша!
1илма доцург хьайбех тера ву. 1илма адамийн массо а хьелашкахь оьшуш ду. Массо а хьелашкахь ша х1ун дан деза, муха дан деза, маца дан деза, мел дан деза, кхин д1а а хьелашкахь оьшуш ду.
Шайт1ан болх – адам галдаккхар бу. Адам тилдар. Амма 1илма долу стаг гал ца ваккхало цуьнга, цундела 1илма долу стаг шайт1ан луьра мостаг1 ву. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цха факъийх1 (1елам стаг) хала ву шайт1ана эзар 1а́бидел». 1а́бид Далла 1амал йеш верг ву, амма 1илма дац цуьнгахь. 1амал йеш волчу эзар стагана дуьхьал латта атта ду шайт1ана, цхьана 1елам стагана дуьхьал лаьттачул. Бакъволу 1елам стаг веза ву, сийлахь ву, х1унда аьлча 1илма ду цуьнгахь.
Ибан 1абба́са, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла Иблисан уггаре дукха цавезарг ша ву, х1унда аьлча Иблисо цхьа х1ума йукъа доккху, 1илма доцу нах цу х1уманна т1аьхьа бозу, ткъа Ибн 1аббаса иза дохадой д1адоккху, нахана иза нийса ца хилар билгал а доккху. Цундела ца везаш хилла иблисана Ибн 1абба́с. Ибан 1абба́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, воккха 1елам стаг хилла. 1илма хилла цуьнгахь, цундела чекхдолуьйтуш ца хилла цо иблиса лела до х1уманаш, цундела иблисана ч1ог1а новкъа хилла иза. Иштта х1ора а 1илма девзаш волу стаг иблисан мостаг1 ву. Амма шегахь 1илма а доцуш, Далла муьт1ахь хила г1ерташ волчу стагана иблиса цхьа х1ума хаза до, ткъа шегахь 1илма ца хиларе терра и х1ума иблисера дуй хаа, и стаг цу балхана т1аьхьавозу ша дика до моьттуш, ткъа иблиса иза гал воккху. Цундела, 1илма уггар хьалха хила дезаш ду. Цундела, 1илма 1амо деза вай. 1илма довза деза вайна. Бакъболчу 1елам нахе ладоха деза.
1илманца ца делла жоп галдаьлла жоп ду. 1илманца ца дуьстина х1ума нийса дуьстина дац. 1илманца ца хадийна мах нийса хадийна мах бац. Иза билгал долу вайна, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дийцинчу хьадийсаца. Цо аьлла: «Боккъалла а, Аллах1а нахера 1илма схьа ца доккху (оззийна) схьадаккхарца, делахьаъ 1елам нах д1еэцарца 1илма д1аоьцу Цо. Эххара цхьа а 1елам стаг ца витича, цара лоцур бу (шайн т1е) жех1ал коьрташ (1илм доцу нах), цара (наха) цаьрга хоттур ду (динехь х1ума), цара жоп лура ду (шайгахь) 1илма доцуш, тилбелла уьш (жех1ал кортош), (нах а) тилбина цара».
Лараме бусалба нах! 1илманах тасадала деза вай. Бусалба динах а, дуьненан пайденчу х1уманах а лаьцна кинижкаш йеша йеза вай. Т1аккха вайн дахар даима хаза а, дика а хир ду. Дала Шен дине хаза йуха дахкадойла вай.