Малхбуз – ламазан хьалхара ши суннат – ламаз ду. Х1ораъ ширака1ат деш. Уьш ч1ог1а деза суннаташ ду. Церан дазалла билгалдеш Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьллачуьнга ладог1а ахьа.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Аллах1а къинхетам бойла къонахчух, малхбуза – ламазан хьалхара диъ рака1ат дина волчу».
Лараме ваша, йиша! Вайха Веза-Сийлахьчу Аллах1ан къинхетам хилар доккха х1ума ду. Вай декъал хира ду т1аккха. Вайн деригге г1уллакхаш то а делла нислур ду. Т1аккха хьажа ма хала дац Веза – Сийлахьчу Аллах1ан къинхетам вайна хилийта. Ма герга ву Иза вайна. Вай цхьажимма 1амал йичхьана Цуьнан къинхетам хуьлу вайх.
Хала ма дац малхбуза – ламазан хьалхара ши суннат – ламаз дан. Амма вайна цунах хуьлу пайда ма боккха бу-кх. Ма йоккха декъалалла йу-кх вайна цунах хуьлуш. Цундела, цу т1ехь само йеш хила деза вай. Малхбуза – ламазан хьалхара суннаташ деш хила деза вай.
Цхьаволчо хотту «Малхбуза – ламазана т1аьхьа суннат – ламаз дуй»?
Малхабуза – ламазана т1аьхьа суннат ламаз дац. Цунна хьалха ду ши суннат – ламаз.
СУННАТ – ЛАМАЗАШ ДАРАН
ПАЙДАНАШ
1-Суннат – ламазаш даран пайданаш дукха бу. Царех уггаре боккха пайда суннат – ламазаш деш верг Веза-Сийлахьчу Далла везаран пайда бу. Ткъа Веза-Сийлахьчу Аллах1ан везавелачунна 1аламат баккхий пайданаш хуьлу.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Сан лай Суна герга вохуш мел ву мелан 1амалш йарца, Суна иза везалур ву. Ткъа Суна иза везавелча Со цуьнан хазар хира Ву, цунна шеца хезаш долу. Цуьнан б1аьрса а хира ву Со, иза шеца хьожуш волу. Цуьнан куьг а Хира ву, цо д1адохуьйтуш долу. Цуьнан ког а хира ву, цо боккхуш болу. Цо Соьга дехча Аса цунна иза (цо дехнарг) даллане а лур ма ду. Цо Соьгара ларвар лахахь, иза ларване а ларвийр ма ву Аса».
Мелан 1амал йарца Веза-Сийлахьчу Далла герга вахар Далла дукха дезаш х1ума ду. Вайна ч1ог1а пайдехь ду иза. Х1ара цхьа хьадис тоьар дара вай мелан суннат ламазаш лардан. Уьш лардеш хьо хилахь, Веза-Сийлахьчу Делана хьо везало, т1аккха Иза хьан б1аьрса а, хазар а, куьг а, ког а хуьлу. И бохург, Цо хьан б1аьрсах а, хазарх а, куьйгах а, когах а беркат до бохург ду. Хьан до1ана жоп ца луш 1ийр вац Иза. Хьо лара ца веш а 1ийр вац хьуна оьшучу хенахь. Дуьненахь цул доккха х1ума х1ун ду хьуна?! Цул деза х1ун ду хьуна?! Х1умма а дац эр ду ахьа. Т1аккха вуй хьо суннат ламазаш лардеш? Вуй хьо дериг суннат ламазаш деш?
2-Лараме бусалба нах! Фарз – ламазашна хьалхара а, т1аьхьара а суннат – ламазаш Веза-Сийлахьчу Дала цхьана доккхачу хьикматна дина ду. Хьалхарчу суннат ламазаша шайн т1аьхьа дийр долчу фарз – ламазна ойла т1ейохуьйту алссам. Фарз – ламазна кеч во цо иза. Набарх самаваьлла волуш, йа г1уллакхашна йуккъера ваьлла волуш фарз – ламаз дан волавелча ойла дикка ламазна т1ейирзина хир йац цуьнан, набаран марзо хира йу цуьнца, йа г1уллакх дагахь хир ду. Цундела, хьалхара суннат дина волуш фарз – ламаз дан волавелча цунна т1е ойла дика йоьду.
Фарз – ламазна т1аьхара суннат – ламазаша метта х1итта до фарз – ламазехь хилла эшамаш. Фарз – ламазехь г1алаташ дийларца хилла эшам т1аьхьарачу суннат – ламазо метта х1отта до.
Цундела, дан деза вай суннат – ламазаш. Церан пайданаш дукха бу, вай хьахийнарш боцурш а. Х1ар жайн дахцадархьам бериг пайданаш хьахцабо вай.
3-Суннат – ламазаш лардеш верг ялсамани чохь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, уллехь шена меттиг боккхуш ву.
Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Рабий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу:
«Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчахь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг».
Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар».
Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха».
Аса элира: «Иза доьху ас».
Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де, дуккха а сужданаш деш3».
Робий1ас, Аллах1 реза хуьлда цунна, шена дечу г1уллакхна дуьхьал пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цунна диканца бекхам бан лиънера, цундела цо аьллера Рабий1е: «Хьайна дезарг деха соьга».
Ткъа Робий1ас х1ун дийхира? Робий1ас лоьхург х1ун хиллера?
Ялсамани йехна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре лекха меттиг йийхира цо, пайхамарна, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уллохь хилар.
Ткъа пайхамар, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, уггаре лекхачу Фирдавс олучу ялсамани чохь хир ма ву, иштта цунна уллехь хуьлуш верг а хир ма ву!
Йа Аллах1, ма доккха совг1ат ду-кх Робий1ан хилларг!!!
Иштта лекха меттиг йехна шена Робий1ас. Аллах1 реза хуьлда цунна. Ма доккха х1ума хиллера цо сатуьйсуш дерг. Цундела, Робий1ас доьхуш дерг дукх деза х1ума долу дела, цуьнан мах бала беза дела, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Робий1ас доьхучу х1уманан мах билгалбира – иза Далла дуккха а сужданаш дар бу. Ткъа сужда – Далла дуккха а ламазаш дарца хуьлу. Цу т1е нисвира пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, Рабий1а, цо дехначу х1уманан механа т1е.
Рабий1ас дехнарг, цо т1елоцуш дерг дукха доккха х1ума долу дела, цунна мелла а аттаниг далархьама, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, элира цуьнга: «Кхидерг деха». Амма Робий1а, Аллах1 реза хуьлда цунна, вацара шен лаамна т1ера вер волуш, цо шена иза бен х1умма ца деза аьлча, т1аккха пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, цо бала беза мах билгалбира цунна.
Робий1ас, Аллазх1 реза хуьлда цунна, муьлхха а дуьненан х1ума дехнехьара, пайхамара, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, лур дара иза.
Ткъа Робий1ан дуьненан хьал муха дара хаьий хьуна?
Робий1а чуваха чоь йоцуш, пайхамаран, Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна, маьждиг чохь…
Делан Элчан маьждиг.