Минбаран хьехамаш

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«1уьйра – ламазан ши рака1ат (ламаз) диках ду дуьненал а, цу чохь долчу х1уманал а».


1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат ламаз ду Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дуьйцург.

Хьажа, мел деза ду 1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат. Ткъа 1уьйра – ламазан суннат оццул деза хилча, 1уьйра – ламаз мел деза хир ду аьлла хета хьуна?!

Шеко йоцуш иза дуккха а деза ду. Валлах1и вай йан ма йезза цуьнан ойла йахь, вайна хуур ду 1уьйра – ламаз а, цуьнан суннат ламаз а Веза-Сийлахьчу Делера доккха совг1ат хилар вайна.

Вайна хала ду иза шен хена чохь дан, цундела дукхах долчу уммато шена хена чохь деш дац иза, деш делахь а. Амма цу 1уьйра – ламазан хенахь царна дуьне луш хилча дийра дарий уммато 1уьйра – ламаз шен хенахь?! Дуьтура дарий бусалба стага цхьа а 1уьйра – ламаз?! Дера дуьтура дацара, йа аьттехьа а ца деш 1ийр а вацара.


Гой хьуна, дуьне диках хета умматна эхартал. Дуьненан дуьхьа къахьега кийча бу бусалба нах, динан дуьхьа къахьоьгунберш к1езиг бу. К1езиг х1унда бу? Дера бу 1уьйра – ламазан г1овттуш берш къезиг болу дела. Гой хьуна, нисса б1останехьа хийцабелла бусалбачу нехан кхетам! Пайхамаран, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, заманахь бусалба нехан кхетам нисса б1останехьа хилла тахана болчу бусалба нехан кхетамах. Цара дин хьалха доккхуш хилла дуьненал а. Эхарт хьалха доккхуш хилла дуьненан х1уманал а. Цундела дуьнен т1ехь уьш элий хилла. Церан дош хилла дуьнен т1ехь лелаш дерг. Кериста нах озалуш хилла царех. Кериста нахана т1ехь толамаш бохуш хилла цара, х1унда аьлча, Веза-Сийлахьчу Дала толам Шен эхарт дезачунна ло дела. Шен дин дезачунна ло Цо толам.


Цундела ду умматан хьал тахна иштта ирча. Шен динах гена даьлла уммат. Иза цу т1е йухадерзахь, т1аккха Веза-Сийлахьчу Дала толам схьалур бу цунна.

Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ч1ог1а лардеш хилла 1уьйра —ламазан хьалхара ши рака1ат суннат – ламаз.


Пайхамаран, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, х1усамнанас 1а́ишатас, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, вацара суннат ламазашах 1уьйра – ламазан ши рака1ат санна ч1ог1а цхьа а х1ума лардеш».


Хьажа, мел ч1ог1а лардеш хилла Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, 1уьйра – ламазан хьалхара ши рака1ат суннат ламаз. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ц1ахь а, некъахь а дуьтуш ца хилла и суннат ламаз. Ткъа 1уьйра фарз ламаз мел деза хира ду аьлла хета хьуна?!

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх