СУННАТА-ламазаш ДАРАН ЯЛ
Ч1аг1дина шийтта рака1ат (йалх ламаз) даран ял билгал йина йу вайна. Ма йоккха ял йу иза. Ма вай ч1ог1а сатуьйсу х1ума ду Веза-Сийлахьчу Дала вайна лундерг вай и шийтта рака1ат деш хиларна. Ладог1а кху хьадийсе:
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Цхьа а бусалба лай хир ма вац Лекхачу Аллах1ан дуьха х1ора дийнахь мелан шийтта рака1ат деш фарзаш доцуш, Аллах1а цунна ц1а диний бен ялсамани чохь».
Лекха – Сийлахьчу Аллах1ан муьлххачу а лайна шийтта рака1ат деш хилахь, Дала цунна ялсамани чохь х1усам йийра йу. Йа Аллах1! Ма боккха бекхам бу Веза-Сийлахьчу Дала вайна беш берг. Ма доккха дарж ду иза вайна. Лараме бусалба ваша, йиша, цхьанна а кепара дита ца деза вай и шийтта рака1ат. Цхьана бахьанан диснехь доькхуш дина а т1е дан деза. Оццул к1езиг х1ума дарна Дала вайна ялсамани луш хилча, ялсамани чохь исбаьхьа хаза х1усам луш хилча, сиха дала деза вай иза вайна йаккха. Сутара хила деза вай иза вайна хилийта. Х1умма а хала доцург ма ду шийтта рака1ат дан, амма цунах хуьлучу йоле хьажахьа! Лараме ваша, йиша, варийлахь, даима и суннат ламазаш лардеш хилалахь, дохко вер вац (йера йац) хьо.
Ч1аг1дина доцу суннаташ а лардар ч1ог1а деза ду, уш ч1аг1дина дац аьлла 1ен ца деза вай, х1унда аьлча, Аллах1ан Элчано а, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ма ца дитина уьш ч1аг1дина дац аьлла. Цундела, цунах масала эца деза вай, цунах тардала деза вай.
Х1инца ч1аг1дина суннатех а, ч1аг1дина доцу суннатех а цхьадолчу суннат – ламазийн дазалла хьахор ду вай.