Минбаран хьехамаш

ДИЙЦАР

Вайн махкахь воккха 1елам стаг хилла волу Соип моллас, Аллах1а къинхетам бойла цунах, шен хаьнт1ехь шаьлта лелош хилла. Цуьнга хаьттина:


– «Х1ай Соип молла, шаьлта х1унда лела йо ахьа, хьо воккха 1елам стаг ву, хьуна шаьлта ма ца оьшу».


– «Йисинчу зудчуьнций, буобераций вон хила лиъначунна тоха леладо аса х1ара шаьлта, – аьлла Соип моллас».


Шена йисинчу зудчуьнан а, буоберийн а хьакъ девза дела, уьш ларбар деза долу дела, царна оьшучохь орцах вала лелош хилла цо шаьлта. Хьажа цуьнан хьекъале, кхетаме, иймане. Ма ч1ог1а оьшура вайна цуьнгара санна ийман а, кхетам а, хьекъал а.

Шаьлта лела йе бохург дац иза, амма йисина зуда, буобер лара де бохург ду.

ДИЙЦАР

Воккха султан хилла волу Сала́хьуддийн Айю́бий, Аллах1а къинхетам бойла цунах, ц1ийнда велла зуда йисина аьлла шена хезча, цунах къахетий маж йашшалц воьлхуш хилла иза. Хьажа, ша оццул воккха т1емало воллушехь, воккха баьчча воллушехь, воккха къонах воллушехь муьлхха а бусалба зуда шен ц1ийнда д1авьалла йисича воьлхуш хилла-кх иза, цунах къахетий.

Султан Сала́хьуддийн а, Шейх Соип молла а, уьш санна берш, иштта хилла-кх и къонахий йисина зудчух а, да д1аваьлла бисина буонах а къахеташ, царех дог лозуш, царна сагатдеш, царна шайга далуш долу г1уллакх деш.


Веза-Сийлахьчу Дала царех тердойла вай. Уьш санна къонахий дойла Цо вайх а. Божарех а, зударех а. Дала Шен диканца са дохийла вай. Дала толам лойла вайн бусалба вежаршна Фалестинехь г1азотехь лаьтташ болу. Дала йуьхь1аьржа х1оттавойла церан мостаг1. Веза-Сийлахьчу Дала къинхетам бойла «амийн» аьллачух.

Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.

БЕРАНА ЛАМАЗ МУХА МАРЗ
ДИЙР ДУ?

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:


Лараме бусалба нах! Ден ненан уггаре йоккха 1алашо – шен доьзал ийманехь кхиор хуьлу. Царна диканиг 1амадан, вочух уьш гена баха а. Ткъа царех уггаре доккханиг доьзалхочо ламаз дар ду. Берана жимчохь ловзий бен ца лаьа. Хала белхаш ца деза цунна. Амма иза кхиа доладелча дуьйна цунна дин хьехар т1ехь ду дений, нанний. Хьекъалца, хьикматца, собарца, сих ца луш. Ткъа берана ламаз хьехар д1адоладе аьлла цуьнан ворх1 шо кхаьчча дуьйна. Цул хьалха а ца хьоьхуш дита бохург дац иза. Беран ша х1ума йаа 1емича аьтто куьг аьррочух къастадеш, йа ша ц1ано йан 1емича цунна дин хьехар д1адоладар т1ехь ду дений, нанний. Амма ворх1 шо кхаьчча илла а билла а т1ехь ду иза цу шинна. Ткъа муха марз дийр ду цара берана ламаз дар?

Дас нанас итт х1ума лардарца берана ламаз марзлур ду Дала мукълахь.

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх