ДИЙЦАР
Цхьа воккха стаг хилла даима Къуръан доьшуш. Цхьана дийнахь цуьнан жимачу к1ентан къанта хаьттина цуьнга:
<<-Дада, хьуна Къуръан дагахь хууш ца хилча, ахь иза х1унда доьшу?
Цунна моьттина, Къуръан дагахь 1амош ца хилча, иза деккъа дешаро х1ун пайда бийр бу аьлла.
Чохь к1ора лелош 1аржбелла цаца хилла церан пеша уллехь. Дедас аьлла цуьнга:
– Валол, оцу цецана чохь хи да суна.
К1ант цаца эцна хи т1е вахна, цу чохь хи а эцна схьавог1уш цу чуьра хи д1адолуш хилла, цецах чакхдолий охьадоьдуш. Дедас йух-йуха вохуьйтуш хилла иза цецана чохь хи дан. Кхин цуьнга иза дан ца делча, дедас хаьттина к1ентан к1анте:
– Цу цецах чакхдийлинчу хино х1ун дина цецана?
К1ентан к1анта жоп делла:
– Къорах 1аржбелла цаца ц1анбина, к1айн а бина цо иза.
Т1аккха дедас аьлла цуьнга:
– Иштта и хи санна ду Къуръан а, суна иза дагахь хиъна сан даг чохь иза сецна дацахь а, аса иза доьшуш сан дагах чекхдолуш сан дог ц1андо цо, цецах чакхдолучу хино цаца ц1анбаре терра>>.
Ишттачу масалца кхетийна цо жима к1ант Къуръан деша дезаш хиларх.
Шеко йоцуш, Къуръан дагахь хаар доккха дозалла ду, иза дагахь 1аморца даг чохь сецна хилча, дог даима ц1ена а, хаза а хир ду цуьнан.
Амма иза дагахь ца хаьахь а, иза дешарца даг чухула долуш делахь, дог ц1андо цо, ц1ена латтадо. Х1унда аьлча, вай 1аш-дехаш даг чохь дуккха а х1ума соцу вайн, масала: Хьаг1, гамо, цабезам, куралла, эхарте сацатийсар, дуьне т1ех дукха дезар, кхин а дуккха а вон х1уманаш а.
Амма цу массо х1уманах ц1андо Къуръано дог. Даима ийман латтадо цо даг чохь.
Даима Дела латтаво цо даг чохь.
Даима эхарт дагадоуьйту цо.
Даима Делаца йолу йукъаметтиг ч1аг1йо цо.
Иштта кхин дуккха а пайда бо цо вайн г1ийлачу дегнашна.
Цундела, х1ай, бусалба ваша, йиша, хьайна Къуръан 1амаде, цунах тасало, дуьненахь а, эхартахь а пайде хир ду хьуна иза, цо ялсамани чу вуьгур ву хьо, Делан пурбанца, ахь иза даггара Делан дуьхьа доьшуш делахь.
Лараме бусалба нах! Цхьа а воккха стаг ца гина суна, ша жима волуш къуръан 1ама ца дарна дохко ваьлла воцуш. Даима дохко бевлла карийна суна баккхий нах шаьш къуръан 1ама ца дарна. Иштта хьо а къанале ваьлча дохко вер ву хьуна, цундела къуръан 1амадан сихо йан йеза ахь аьтто болччара, жима волччара. Къуръан 1амо цкъа а т1ехьа дац хьуна. Жима вара, йа воккха вара аьлла дац хьуна къуръанаца дерг. Делахьа а, жималлехь ка алсам долу, хан алсам хуьлу, къа алсам хьегало.
Веза-Сийлахьчу Дала Ша реза волчу кепара къуръан 1амадинчарех дойла вай. Цуьнан къуръан гуттара ч1ог1а дешначарех хуьлда вай. Даггара къуръан дезначарех хуьлда вай. Дуненахь а, эхартехь а къуръан вайца хуьлда. Веза-Сийлахьчу Дала толам лойла Фалестинера бусалба нахана. Уьш парг1ата бохийла Веза-Сийлахьчу Дала. Веза-Сийлахьчу Дала царна т1ера бала д1аойбийла.
Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка.
БУОБЕРАН ДИКА ДАРАН
ДАЗАЛЛА
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Веза-Сийлахьчу Дала вовше дика деш хилар т1едиллина вайна. Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина вайна воккханиг жимчуьнга хьожуш хилар, ч1ог1аниг г1ийлачуьнга хьожуш хилар, аьтто берг хала волчуьнга хьожуш хилар. Ткъа вай терго йан йезачарах ву шен да д1аваьлла висина доьзалхо. Да д1аваьлла висинарг уггаре г1ийлачарех ву-кх. Тхов д1аьбалла-кх цуьнан. Иза 1алаш вийриг, лара вийриг, цуьнан 1уналла дийриг д1аваьлла-кх. Цундела, цуьнан дог хьастар, цуьнга хьажар Делера йоккха ял хуьлуш х1ума ду.
Веза-Сийлахьачу Дала къуръан чохь боху:
«Аш 1ибадат дойла Аллах1ана, цханне х1уманехь цуьнца накъост а ма лаца, да нанаца дика хила, гергарчуьнца а, буоберашца а».
Хьажа, Веза-Сийлахьчу Дала ма даздина буоберан хьакъ. Дала буоберан хьакъ хьаха дина гергарчу нахаца. Да нана а, гергарниг а д1авалча буобер хьахийна Дала. Цо гойту буобер хьайн гергара дацара аьлла д1ататта мегарг ца хилар. Мелла а гергара стаг санна герга озо дезаш хилар. Ткъа буобере хьожучунна йоккха ял хуьлу, Веза-Сийлахьчу Дала бохург кхочуш деш хуьлу иза.
Буоберан дог доьхна ду хьуна. Кхечу берийн дас шен доьзал 1алаш беш гича, цунна дага дог1у шен да схьавелхьара цо шен а 1уналла дийриг хилар. Цундела, т1ехваьлла терго ца йеш ма хилалахь буоберана. Буоберан хьалха хьайн доьзал ма хьасталахь, цуьнан догдухур ду хьуна цо иза гучу ца даккхахь а.
Буоберана т1ех ма валалахь цунна цхьа дика ца деш. Ахь буоберана дина дика Веза-Сийлахьчу Далла гергахь деза ду хьуна, х1унда аьлча, хьо буоберан цуьнан ден меттана хуьлу дела ахьа цунна терго йечу хенахь. Шен да дагавог1у цунна. Шен ден йовхо хаало цунна. Шен дас шех бийр болу къинхетам хаало цунна. Цундела, ахьа дина к1езиг х1ума а, буоберана иза доккха х1ума ду хьуна. Цу к1езигчу х1уманна Дала хьуна йоккха ял лур йу хьуна.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Хьаъа а буоберана коьрта куьг хьаькхича, ц1енна Аллах1ан дуьха бен хьаькхина а доцуш, цуьнан куьг хьакхаделла х1ора месан барамехь цунна диканаш хира ду».
Хьажа, ма йоккха ял йу иза. Кхин х1умма ца дахь а, буоберана коьрта куьга-м хьакхалур ду хьуоьга. Ткъа хьан куьг хьакхаделлачу х1ора месан барамехь Дала хьуна ял луш а йу. Х1унда? Дера ло хьо цу буоберана ден метта х1оьттина дела. Ахьа цунна шен да дага ваийтина дела. Ойла йе, цуьнан дас мел сагаттадеш хира дара шен доьзална. Амма шен дан х1умма а доцуш шен доьзална, ахьа цуьнан терго йича мел хаза хетара дара цунна. Ткъа ахьа дина дика Веза-Сийлахьчу Дала д1акхачадан ма мега эхарте. Ткъа х1инца хьо велла а волуш хьан доьзал бисина хилча, хьуна луура дарий наха хьан доьзална диканца терго йан? Хьуна хазхетар дарий цхьаммо хьан доьзална дика дича? Хьуна хаза хетар дарий цхьаммо хьан доьзална коьртах куьг хьаькхича? Дера хетар ма дара хьуна хаза а, дика а. Цигара ойла йеш хилалахь. Цигара дусталахь, х1ай сан лараме ваша, йиша.
Лараме вежарий, йижарий! Боберана дина дика нисса хьан дагах кхеташ ду хьуна. Хьан дагчу кхочу цунна ахьа дина дика. Боберана дика даро хьан дог дика до, к1ад до, хаза до. Ч1агделла дог к1ад а до.
Абу Дарда́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:
«Цхьа стаг веара Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу, шен дог ч1аг1даларан бала белхош. Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, цуьнга элира: Боберах къинхетам бе, цуьнан коьртаха куьг а хьакха, цунна йаах1ума ло хьайчух, т1аккха хьан дог къадлур ду, хьайн хьаштт а кхочуш далур ду хьоьга».
Дог ч1аг1даларан бала боккха бу. Оццул боккха бала боберана дика дарца д1абериг хилар билгал дина вайна Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Ма виц ца вина вайн Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, байлахь висинарг. Ма ч1ог1а весеташ дина цо цуьнца дика хила бохуш. Ма ч1ог1а деза лерина Веза-Сийлахьчу Дала боберана коьртах куьг хьакхар, куьг хьакхаделла х1ора месан дуьхьа цхьа дика йаздеш. Ма дикка ойла йан йеза вай цунах.
Бобераш кхобуш йолу йисина зуда ма йоккха ял йоккхуш йу шена. Ма даккхий дазаллаш ду цуьнан хьокъехь.
Къемат дийнахь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ялсаманан не1арш схьайоьллуш буобераш кхаьбначу зудчо ялсамани чу йаха сихо йийра ю, Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, «сол а хьалха йала йоллу х1ара» аьлла дага дог1ур долуш. Веза-Сийлахьчу Дала оццул сиха ялсамани чу йог1уьйтур йолуш йу йисина буобераш кхаьбна зуда, Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, т1аьхьах1оьттина ялсамани чу г1ур йолуш.
Зудчунна буобер кхаба атта х1ума дац, цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, доккха тоьшалла дина буобер кхобучу зудчун.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Эмкал т1е хьевшиначу зударех диканарш къурайшийн зударий бу, ч1ог1а дика хуьлу уьш жимачу буобераца».
Къурайшийн зударий шайн буобераца гуттар ч1ог1а дика хуьлу аьлла бевзаш бу, цундела уьш хьаста бина Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Царех йу муьлхха а йисина буобер кхобуш йолу зуда, иза къурайшах йацахь а. Цундела, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаста йо йисина зуда шен буобер а кхобуш 1аш йолу.
Буобер д1а ма таса боху вайга Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Буобере хьажар ялсамане вахаран некъ бу.
Вайн Пайхамара, Аллах1 реза хуьлда цунна:
«Со а, буобер 1алаш дешверг а х1ара шиъ санна хира ву ялсамани чохь» – аьлла шен (куьйга) ши п1елг д1асабахийтира.
Д1асабахийтина ши п1елг санна уллехь хир ву бохург ду иза. Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, кхин гена хира вац буобер 1алаш деш хилларг. Буоберан г1уллакхе хьаьжнарг ву изза. Муьлххачу а кепара цуьнга хьожуш хилларг. Цу буоберийн нана а йукъ йог1у кхунна. Байлахь бисина шен доьзал 1алаш беш хилла зуда а Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шина п1елгал кхин гена хира йац. Ма доккха дазалла ду иза! Ма йоккха ял йу иза!
Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, эхартехь мичхьа хир ву? Ялсамани чохь уггаре лекхачу меттехь хир ву-кх. Ткъа шина п1елгал генахь воцург цуьнца хила ма веза. Йа Аллах1! Ма доккха дарж ду иза буоберана дика дарца Ахьа луш дерг.
Лараме бусалба нах, буобераца дика хилар оццул деза хилча, цуьнца вон хилар мел доккха къа ду аьлла хета хьуна?! Йисинчу зудчуьнца вон хилар, цуьнца а, цуьнан буо бисина доьзалца а харцо лелайар мел доккха къа ду аьлла хета хьуна?! Ма ч1ог1а оьг1аз г1ур ву Веза-Сийлахь Дела цаьрца харцло йечунна, царна вон дечунна. Амма тахана дуккхачу нехан хьекъалш д1адаьхьина буоберан хьокъехь. Цаьрца харцо йо, церан хьакъ т1екховду, озадой схьадоккху, царна г1ийло йо. Иза доккха зулам ду, Веза-Сийлахьачу Дала иштта дуьтур доцуш долу. Веза-Сийлахь Дела цаьргара ч1ир ца оьцуш 1ийра вац, царна та1зар ца деш уьш буьтур бац Цо.
Лараме бусалба нах, йисинчу зудчух а, буоберах а къа хеташ хила деза вай. Царех дог лозуш, царна г1о деш, цаьрца бала кхочуш.
Пайхамара, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Йисиначу зудчунний, мискачу стагний т1ех1оьттинарг (цаьрга хьожуш) Аллах1ан некъахь муджа́х1ид санна ву».
Оццул веза волу муджа́х1ид санна ву-кх йисинчу зудчуьн а, мискачу стеган а хьаште хьожуш верг.