Мархин ГIиллакхаш

Цо аьлла: «Баккъаллаъ, Аллах1а а, Цуьнан малийкаша а салаваташ дохку 1уьйкъанна х1ума йуучарна».


Дала салават дуьллу бохург, къинхетам бо бохург ду. Малийкаша салават дуьллу бохург, цара 1уьйкъана х1ума йуучунна Деле до1анаш до бохург ду. Хьажа, мел доккха х1ума ду иза! Мел йоккха ял йу иза! Мел доккха дазалла ду иза 1уьйкъан х1ума йуучунна!


1уьйкъана йуу х1ума ша кепара йаах1ума йу, х1унда аьлча марха кхобучунна г1ора хуьлу дела цунах.


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, 1уьйкъана йуучу х1уманан хьокъехь аьлла:

«Дуьйла беркатечу кхачане».


Беркате кхача бу иза. Беркате даар а, малар а ду иза. Беркат хир ду цунах иза йиъначунна.


Оццал деза х1унда ду марха кхобучо 1уьйкъана х1ума яйаар? Дера ду цуьнга и йаийтархьама. Иза делкъхан хиллалца вуьзина хилийтархьама. Х1унд аьлча 1уьйкъана х1ума йиънарг делкъхан хиллалца мацалло хьийза ца во. Хьажа, ма боккха къинхетам бо Дала вайх. Ма атта до Веза-Сийлахьчу Дала вайна марха кхабар. Цундела вай са довла деза фарз марха а, суннат марха а кхабаран т1ехь.


1уьйкъана тамра йаар къаьсттина деза ду. Йеккъа тамра йуийла цо, йа кхечу х1уманца тамра а кхоллийла цо. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:


«Муъмин стагана ма дика 1уьйкъанна йуух1ума йу тамра».


Цундела, айхьа 1уьйкъанна х1ума йууш тамра а йаа хьажалахь, Аллах1ан Элчан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, суннат ден деш.


Лараме вежарий, йижарий! 1уьйкъана х1ума йаар деза хилар дийций вай. Цундела, 1уьйкъан х1ума ца йаар ч1ог1а дика дац, амма ца йиъча а къа дац. Цхьа къеззиг х1ума кхаьллина а цхаъ кхаллар дика ду.


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«1уьйкъанна йуу х1ума йеригге беркате йу, шу иза ца йууш ма 1ойла, аш цхьана хих къурд бай а, баккъаллаъ Веза-Сийлахьчу Аллах1а а, Цуьнан малийкаша а салаваташ дохкуш ду 1уьйкъана х1ума йуучарна».


Цундела, 1уьйкъана х1уъу а кхаллий а, йа хих къурд бай а х1ума де, баккъаллаъ Далла гергахь ч1о1га деза ду хьуна иза. Хьуна хьайна а гуш ду-кх иза мел деза ду Веза-Сийлахьчу Далла гергахь.

Конец ознакомительного фрагмента.

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх