Марха Дастарн Iийда

Дера бу цуьнан бух дукха боккха, ладог1а ахьа!

Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Мадийнате веара, ткъа церан ши 1ийда (ши деза де, праздник) дара, уьш ловзуш (самукъа доккхуш) цу шина дийнахь. Т1аккха цо, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «И х1ун ши де ду»? Цара элира: «Тхо дара ловзуш (даздеш) цу шина дийнахь кериста хенахь (Мадийнате Ислам дин дале)». Т1аккха Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Баккъаллаъ, Аллах1а цу шиннан меттана цу шиннал диках дерг делла шуна: г1урбанан дей, марха досту дей».


Эццахь билгалдина вайна Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, вай даздан деза денош. Эццахь хийцина Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, кериста нехан деза денош д1а а дохуш, Ислам динан деза денош билгалдохуш. Иштта билгалдаьлла сецна и деза ши де вайн Ислам динехь. Цундела, вайн массеран а самукъадолу цу деношах. Уьш деза вайна. Цаьрца марзо йу вайн. Цундела, иштта дезачу деношан деза суннаташ а ду, цу дийнахь бусалба наха леладан дезаш долу. Т1аккха цу шина дийнахь церан самукъдалар а ша тайпа исбаьхьа хаза хир ду.

Амма кху вайн хьехамехь марха достучу дийнахь леладан деза суннаташ хьахор ду вай. Амма г1урбанан дийнахь леладан деза суннаташ т1аьхьо шен хьехамехь хьахор ду.

1ИЙД-ЛАМАЗ ДАР

Марха достучу дийнахь 1уьйранна 1ийда ламаз дар суннат ду бусалба нахана. 1ийд ламаз ч1аг1 дина суннат ламаз ду. Ч1аг1 дина суннат ду бохург, фарз дац бохург ду, делахь а, фарз дацар аьлла тесна дита мегар дац, х1унда аьлча Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, даима а дина иза, цкъа а ца дуьтуш. Бусалба нах гуллой цхьана шуьйрачу арахь йа маьждигехь до иза. Божарий а, зударий а массо цхьаьна гул а лой 1ийд ламаз до цара. Зударий божарех схьакъаьстина хуьлу. 1ийд-ламазе ца вахнехь шен чохь а дан мегаш ду иза ша цхьаммо а, йа гулбелла джама1атаца. Иштта некъахь волчо а, муьлххачу меттехь нисвеллачо а ша дан мегаш ду иза, йа джама1атца. Ша ц1ахь 1ийднехь ца нисвелла аьлла дита ца деза цо иза. Марха дастаран деш долу 1ийд-ламаз даран куц иштта ду.

1ИЙДА – ЛАМАЗАН КУЦ

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх