Ламазан догIа

Яа хьанал йолу а хьанал йоцу а муьлха дийнати хьат1 а, боьхал а нажас ю.

3-ХЬАЛА1АЬТТИНАРГ

Адамо хьера23 чуьра хьала1аьттинарг нажас ю, хьала1аьттинарг кхоллуш ма хиллар ялахь а я хийцаелла ялахь а. Амма некхара24 я легашкара хьала1аьттинаг нажас яц, х1унда аьлча хьера чу кхечна йоцун дера иза.

Муьлха дийнато хьала1аьттинарг а нажас ю.

4-МАЗЬЮ

Мазью – иза к1айчу басахь йолуш, чекх са гуш юькъа йоцуш т1унал25 ю, шах1ват26 меттах даьлча бехке меттера йолуш ю иза. Иза нажас ю. Стагна а, зудчунна йолуш хуьлу иза. Иза т1екхетта меттиг цунах ц1ан ян еза. Мазью стагна а, зудчунна а йолуш хуьлу.

5-ВАДЬЮ

Вадью – иза к1ай йолуш, юькъа т1унала27 ю, хьат1 телча йолуш хуьлу иза, могуш ца хилча йолу иза. Еза х1ума аййича а йолуш хуьлу иза. Стагна а, зудчунна а хуьлу иза. Иза нажас ю, д1аяккха езаш.

6-ОХЬ ДОЬДУ Ц1ИЙ

Охь доьду ц1ий нажас ду, адами ц1ий далахь а я дийнати ц1ий далахь а. Амма адами дег1а т1ехь чов хилла я сурх 1оьвдина ц1ий даьллехь, делахь а иза охь доьдуш доцуш гучу даьлла лаьтташ далахь, иза дита мегаш ду, Дала геч дина цунна, амма иза охь доьдуш далахь дита мегар дац, д1адаккха деза.


Амма кхечу адами ц1ий стагна т1екхетахь, иза къезиг далахь цунна геч дина, амма иза дукха далахь, т1аккха д1адаккха деза иза. Амма цо кхечун ц1и ша шена т1е тохахь, т1аккха цунна геч ца до иза к1езиг далахь а.

Амма ж1алий, хьакхий ц1и т1екхетахь иза дита мегар дац, иза мел къезиг далахь а, д1адаккха деза иза.

Амма урс хьаькхинчу дийнати до1ахки, 1онжари28 ц1ена ду, даа мегаш ду и шиъ ц1их кхолладелла далахь а.

Урс хьаькхан йиначу дийнати даь1ахкан а, жижиган а т1ехь долу ц1ий нажас дац.

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх