Бусулба стага деладенна деш долу пхеа ламазо и стаг шен Аллах1ана герга во, ч1ог1ачу чуханца Цунах вехкавелла а во. Ламаз дан д1ах1уттуш стага ойла йо ша деш долчу фарз ламазан, Аллах1а и де аьлла, т1едиллина хиларан а, и дича Аллах1а шена гечдаре а, и Аллах1 реза хиларе догдохийла хиларан а.
И чуха хилар бакъ хилар гойту Аллах1ан бакъчу дашо:
«Адамаш а, жинаш а Сайна г1уллакх дайта кхоьллина Ас. Суна ца оьшу цаьргара риц1къ а, цара яа х1ума яларе сатуьйсуш а вац Со. Аллах1 Ша ву риц1къа луш а, ниц1къ болуш а.»
Аллах1ан деш долу ибадат Аллах1а де аьлла, омра динарг дар ду: ламаз, закат, марха кхабар, хьаж дар ниц1къ кхачахь. Иза Аллах1 цхьаъ веш, Мухьаммад-пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бакъ веш тоьшалла динчул т1ехь дан дезаш ду.
шоллаГ1А ДАКЪА: ХИШ
Шарий1атехь хи деъ кепара хуьлу:
– Т1ох1у́р
– Т1о́х1ир
– Нажисун
– Муста1мал
1-Т1ОХ1У́Р
Т1ох1у́р хи, – иза Дала ша ма кхоллара долу хи ду цуьнан муьлха бос а, чам а балахь, муьлха хьожа а ялахь. Иза ша ц1ена ду, кхийолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. И хи бен 1ибадатехь5 лело магийна дац шарий1атехь, х1унда аьлча и хи ша ц1ена ду, кхи йолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. Цундела иза кхечу хих къасто хаа деза бусалба стагна.
Масала: Дог1ан хи, х1ордан хи, татолан хи, г1у чуьра хи, шовдан хи, луонах я шанах даьккхина хи, – церан муьлха хьожа я чам я бос хилахь а. Иштта Дала кхоьллина долу муьлха хи 1ибадатан ц1ена ду, иза Дала ша ма кхоллара далахь.
Амма т1ох1у́р хи йовхо лаьттачу бовхачу махкахь, эчигах я ц1естах6 йолу пхьег1а чохь малхехь дохделла долуш леладар дика дац, х1унда аьлча, цунах ч1оьран лазар долун дера. Амма шел делча лело мегар ду иза.