Ламазан догIа

ХЬАЛХАРА ДАКЪА

МУХЬАММАД-ПАЙХАМАРАН ВАХАРАН ТЕРАХЬЕХ ДОЦЦА:

Мухьаммад вина Маккахь Оршот1 дийнахь, 22-чу апрелехь, 571-чу шарахь, иза нисло раби1ул-аввал бетта, 12-чу дийнахь. Цуьнан нана Аминат хилла, да 1абдуллах1 хилла. 1абдуллах1а шен 18 шо долуш Аминат ялийна. Ялийна ши бут хан яьлча 1абдуллах1, Шема мехалла2 вахана ц1а вог1уш Мединехь кхелхина, цигахь д1авоьллина, Мухьаммад дуьненчу валале.


Пайхамаран нана цуьнан барх1 шо кхаьчча д1акхелхина, иза а Мединатана герга Абва́ъ ц1е йолча юьртахь д1айоьллина ю.


Пайхамар винчу буса яккхий билгаллонаш хилла. Царех ю цу буьйсанна Макка т1ехь кхетта хилла дуккха а седарчий. Оцу билгаллонех ду цу буьйсана жуьгтийн 1еламстага аьлларг: «Тховса жуьгтийн сийлалла Х1а́шиман некъех даьллачу берана д1аели, иза т1аьххьара пайхамар ву


Шен заманахь Мухьаммад нахалахь уггаре г1иллакхе а, вочух ч1ог1а ларлуш а, оьздангаллех вуьззина а, лулахошца а, гергарчаьрца а к1еда-мерза а, харц дош ца олуш а, тешаме а хилла.


«Амийн» аьлла ц1е яхана а хилла цуьнан нахалахь, т1къа иза «тешаме» бохург ду, 1аьрбийн маттара вайн матте даьккхича. Цуьнан 40 шо кхаьчча, дуьххьара Аллаха1ан хаам беана цуьнга. Т1аккха 23 шарахь Аллах1а Джабраил-малик шега доссийна Къуръан д1аязъдайтина.


53 шо кхаьчча, 622-чу шарахь, июнь бетта 28-чу дийнахь, вайн терахьца раби1ул-аввал бетта 1-г1а де, иза еарин де а хилла, Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Маккара хижрат дина. Цо хижрат динчу ханна т1ера ду бусулба нехан терахь.


Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхелхина оршот дийнахь раби1ул-аввал бетта 13-г1а де долуш, 11-чу шарахь, (633-чу шеран 8-г1а июнь). Дуьненчохь цо яьккхина хан бетта шерашца3 63 шой 3 дей ду, малха шерашца4 61 шой 84 дей ду.

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх