Ламазан догIа

Дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла йолу муьлха меже нажас ю, х1унда аьлча иза къе елларг санна йолун дера. Пайхамаро, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнат дийна долуш цунах яьккхинарг къе елларг ю»31.


Вайна даа хьанал долу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла шура, мас, чо, т1арг1, пух, хьацар а, багар шат а ц1ена ю. Амма цуьнан ма1, м1ар, берг32 я кхиерг нажас ю. Амма иза делча цуьнан муьлха х1ума нажас ю.


Амма даа хьанал доцучу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла цуьнан шур, чо, мас, т1арг, ма1, берг, кхи йолу муьлха х1ума а нажас ю.

11- Ч1АГ1АР

Ч1аг1ар нажас ду, иза кемсех, тамрех, я кхечу х1уманех даьккхина далахь а.

Ч1аг1ар бохург ша мелча вахош йолу х1ума ю. Иштта аларан бахьана, молуш йоцуш амма вахош йолу х1уманаш хуьлун дера ду. Масала: анаша, таблетк, иштта кхин а. Уьш хьарам ю, делахь а, царех хьакхавелча бех цало, х1унда аьлча уьш нажас яц. Амма вахош йолу молуш йолу коча х1ума хьарам ю, нажас а ю, иза кхетта меттиг боьха лору.

12-Ж1АЛА, ХЬАКХА

И шиъ нажас ю. Цершиннах33 схьаяьлларг я цершинах цхьаннах34 схьаяьлларг нажас ю.


Ж1АЛЕХ ХЬАКХА ВАЛАР:

1-Ж1алин т1еда меттиг35 цхьаннех хьакхалахь, иза хьакхаелла меттиг боьха лору.

2-Ж1ала т1оьхулара т1еда далахь, цунах хьакхаелла меттиг боьха лору.

3-Ж1алин екъа меттиг т1еда меттигах хьакхалахь и меттиг боьха лору.

Кху кхаа хьолехь ж1алехь хьакаелла бех елла х1ума ворх1за йила еза, цхьауза латтаца юьлуш.


– Ж1алин екъа меттиг екъачу меттигахь хьакхалахь, и меттиг боьха ца лору.

Ж1алах хьакхавалар дериге а хьакхах хьакхавелча а ду.

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх