Ламазан догIа

7-НОТ1

Нот1 нажас ю.

8- ЧОЙНА Т1ЕРА ХИ, АХКАРГАН ХИ

Чойн т1ехь гуллуш долу хи а, ч1ор дагича я лазадича цунна бухахь гулло хи, я ахкарган бухах гулло хи ц1ена ду нагахь санна цуьнан хьожа яцахь. Амма цуьнан хожа ялахь, нажас хи ду иза.

9-КЪЕ ЕЛЛАРГ

Къе елларг, – иза шарий1ато т1е ма диллар урс хьаькхина ца йинарг ю.

Къе елларг ериге нажас ю. Цуьнан чо а, мас а, т1арг1а а, цуьнан кийрахь йолу шура, цуьнан массо х1ума а нажас ю.


– Амма делчу адами дег1 я цуьнан меже нажас яц, иза бусалба я кериста хиллехь а, стаг я зуда хиллехь а.


– Къе белла ч1ара, къе делла ц1оз а хьанал ду, нажас ца лору и шиъ. Цундела, белла ч1ара карабахь, я делла ц1оз карадахь, и шиъ яа хьанал ю. Амма ч1ара жима балахь цхьауз кхаллар бен боцуш, цуьнан кийрахь дерг даа мегар ду. Амма ч1ара боккха балахь цхьауз кхалларца бериг д1акхаллур боцуш, т1аккха цуьнан кийрара нажас д1аяяккха еза.


– Шен меже яьккхича шен охь 1енаш ц1ий доцург а нажас яц. Масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, къийзорг29, сегал30, стоьма юккъахь кхоллабелла н1ана, юучу х1уман юккъахь кхолбелла н1ана. Царех цхьаъ хичу йоьжна цу чохь елча хи бехцало.

Амма уьш хи чохь дукха ялахь, уьш елла ялахь, уьш бахьна долуш хи хийцаделлехь, т1аккха хи нажас ду. Хийца цаделлехь нажас дац.

Амма шен охь 1енаш ц1ий доцург елла йолуш хичу кхоьссича и хи нажас хуьлу, амма и хи 200 литр далахь, хи хийцаделла дацахь, т1аккха хи т1ох1у́р хуьлу.

10-ДИЙНА ЙОЛЧУ ДИЙНАТЕХ СХЬАЯЬЛЛАРГ

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх