Хьан чаккхе декъалла йа дакъазалла?

Лараме бусалба нах! Дала эхартана кечам бе аьлла вайга, х1унда аьлча кечам бина воцуш эхарте д1авахнарг дикачу хьоле кхочур воцу дела. Дуьненахь кечам ца беш новкъа ваьлларг некъахь х1уъа а хила тарло цунна, хьовзам, бала, валар, муьлхха а х1ума. Ткъа дуненан некъ х1умма а йоцург ма йу эхартан некъаца буьстича. Эхарте д1авоьдучунна шегахь бина кечам бацахь ма боккха хьовзам хир бу цунна цигахь. Цундела, Дала дуьненахь кечам бе боху вайга эхартана. Дала боху къуръан чохь:

«Дог дохуш волчо шен Делаца дуьхьалкхетале – дика 1амал йойла /цо/, шен Далла 1ибадат дарехь цхьа а накъост ма лоцийла цо».


Вайна ма гарра Дала кечам бе боху вайга Шена дуьхьала дахкале. Ткъа уггаре коьрта кечам, иза – дика 1амал йеш, Делаца накъост ца лацар ду цхьанна х1уманан т1ехь.


Лараме бусалба нах! Ма доккха х1ума ду Далла дуьхьала ваха веза бохург. Кийча вуй хьо Далла дуьхала ваха? Дика 1амалш кечйиний ахьа? Дела реза волчу хьолехь вехаш вуй хьо?


Лараме бусалба нах! Дуьненахь ахь лелийначу х1уманан т1ехь валар хира ду хьан, ткъа хьан валар хилчу х1уманан т1ехь Далла дуьхьал х1оттар а хир ду хьан. Иза ч1ог1а ойла йан дезаш х1ума ду хьуна. Чог1а кхераме х1ума ду хьуна иза. Х1унда аьлча хьан валаран хьоло къаста до хьо декъал хилар йа дакъаза валар. Х1унда аьлча хьан валаран хьал эхартан хьалхе йу, Далла дуьхьала цу хьолехь воьдуш ву хьо, ткъа Дела реза воцу хьал хилахь дакъаза ваьлла хуьлу, Дела реза волу хьал хилахь декъала хилла хуьлу. Хьажа, мел ч1ог1а коьрта ду вай лийр долу хьал. Ткъа и хьал хьанах доьзна ду? Дуьненахь вай лелочух доьзна ду-кх. Цундела, Дела реза волчу кепара вай лелаш делахь, вайн далар а дикачу хьолехь хир ду. Амма вайн лелар Дела реза воцучу кепара делахь, т1аккха далар а вочу хьолехь хир ду. Веза-Сийлахьчу Дала лардойла вай дакъаза довларх. Декъалхиллачарех дойла вай Веза-Сийлахьчу Дала. Дала къинхетам бойла «амийн» аьллачух. Цундела, иза вайна билгалдеш Аллах1ан Элчано, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «Литрес».

Поделиться

Добавить комментарий

Прокрутить вверх