Хьан чаккхе декъалла йа дакъазалла?
Сайд-селиман кiант Хьусайн
© Сайд-селиман кiант Хьусайн, 2025 ISBN 978-5-0068-3042-4 Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
ХЬАН ЧАККХЕ ДЕКЪАЛЛА ЙА ДАКЪАЗАЛЛА?
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Массо х1уманан чаккхе йу – Аллах1 воцчуьн. Дуьне д1адер ду, адамаш д1адевр ду. Массо адам дала дезаш ду. Массо д1авала везаш ву. Амма д1аваьлча д1адолуш дац вайца дерг, эхартан дахар д1адолалуш ду. Даима хир долу дахар ду иза. Иза уггаре коьрта х1ума ду. Эхарте хьо вирзича декъал хира ву хьо йа дакъаза вер ву хьо. Ткъа иза хьуна хьан дуьненан чаккхенах доьзна ду. Ткъа хьан дуьненан чаккхе дуьненахь хьан вахарах доьзна ду, х1унда аьлча ша ваьхначу х1уманан т1ехь хуьлу х1ораннан д1авалар а. Цундела, Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь:
«Шу делла ма дара, т1аккха Цо шу ден ма дира (дуьненчу дахарца). Йуха Цо долуьйтур ду шу, йуха а дендийр ду (къемат дийнахь), т1аккха Цунна (Аллах1ана) т1е йухадалор ду шу».
Лараме бусалба нах. Вай массо Аллах1 волчу д1аваха везаш ву. Дала боху къуръан чохь:
«Х1ора дег1о (адамо, са мел долчу х1умано) валар 1овшур ду. Т1аккха Тхуна т1е шу йухадалор ду (къемат дийнахь барт хаьттина, д1анисдан ялсамане йа жоьжахате)».
Дуьненчу девлча дуьйна эхарте д1адоьлхуш ду вай. Дуьненчу девлча дуьйна хан д1айолуш йу вайн. Чаккхе йоцуш даима хир долу эхарте д1адоьрзуш ду вай. Дуьненахь новкъа волуш некъан кечам бой ахь? Ткъа эхарта некъ ма беха бу! Беха муха бац иза, цуьнан чаккхе хила а ца хилча?! Чаккхе йоцуш ма бу иза. Йа Аллах1! Хьайн къинхетам бе Ахьа тхьоьха! Йа Аллах1, ма д1ахьийза-кх тхо Хьан динан т1ера, х1ун дийр ду те оха эхартехь, ма г1ийла кечам бина оха!